2024-чу Шеран Хьехархо

Новости

Оцу ламасте конкурсан муниципальни мур д1абаьхьира Дагестан Республикан Хасавюрт г1алин Горькин ц1арах йолчу гимназехь.
Конкурсан коьрта 1алашонаш йара: хьехархочун белхан говзаллин, хаарийн, и барехь корматаллин барам,т1ег1а билгала даккхар а ,кхиар а,цуьнан мах хадош,жам1ашка хьаьжжина,тоьллачарна совг1аш дар а.
Дуьззина шарахь кечам бинера шахьаран ишколийн йуьхьанцара классийн хьехархоша оцу мехалчу конкурсна.Цара,хьехархоша к1орггера шайна зеделчух а,керлачу инyовацийх а пайда оьцуш, тайп-тайпана методашца, заманан хьашташ кхочуш а деш, шайна дешархошца чулацаме болх бан хууш а ,безаш хилар а гайтира ,,дерачу” жюрина.
Хасавюрт г1алин дешаран Урхаллин куйгалхочун ханна декхарш кхочушдечу Трещев Станислава д1абаьхьначу белхан даггара Урхаллин ц1арх баркалла элира жюрин декъахошна, шайн коьртехь. Максудова Херендо йолуш, тоьлла хьехархой къастош, хьегначу къинна.Къаьсттина довха дешнашца хазахетардира Станислава дешархошна а, гимназин коллективна а, конкурс д1айахьа г1о-накъосталла дарна.
Конкурсан жам1ийн д1ах1оттам:
Толамхой — Махмудова Асият — 4 ишк., Гусейнова Сапият — 3 ишк., Бабаева Амина — 16- ишк.,Сайдулаева Амина — 9-ишк.
Призераш — II-г1а меттиг: Заида Гайдарова – 7 — ишк., ГусиеваДжахбат -1 — ишк.; III -г1а меттиг: Нурудинова Амина — 3- ишк.,Хадисова Дженнет-14 — ишк.,Мисирпашаева Мархет — ХМЛ.
Жам1аш чекхдаьллачул т1аьхьа, толамхошна, призерашна грамоташ а луш,зезагийн курсашца совг1аташ дина, ГУО-н куьйгалхочо Трещев Станислава гимназин директорна а, хьехархошна а,исбаьхьаллин къоначу артисташна а даггара баркалла элира конкурс д1аяхьа хастаме хьелаш кхолларна.
ЗАЙНУЛАБИДОВ Халид

Сообщение 2024-чу Шеран Хьехархо появились сначала на Нийсо-Дагестан.

Источник niyso-dag.ru

Оцените статью
( Пока оценок нет )
Кавказ Пресс - Новости СКФО
Добавить комментарий